Чора. Шима Хамидович Окуев
бели, цунна кIелхула Сонахойн лаьмнашна бели, цул тIаьхьа чIебарлойн БIогина бели, Аптин Iуптарний, Iабазан Лабазаний, Киназан Миназаний бели. ХIан, хьалаайбал куьйгаш. Амин аьллаш!
Массо а зуда «амин» баха йолайелира.
– Тхутантуптин тандар таринта, йухайерзайе, Iовдал зударий, жIуга! – аьлла, шен чоин тIам хьала а лаьцна, ведда Чора ворданна тIехиира. Iалигирас шед тоьхна алаша масйира. Цунна йетта дагахь, тIулгаш кхуьйсуш, тIаьхьабевлира зударий.
Зударех ведда воьду Чорий, Iалигирий Пхьамта йуьрта кхечира. Цигахь, пурх говра тIе а виллина, цIа вахьаш шайн йуьртара стаг гира царна.
– Хьуна хIун дина, ва Якъуб? – аьлла, хаьттира шайн эвлахочуьнга Чорас.
– Э, дIаваьллахь, – элира вукхо. – Эртан-коьрте зерате ваханера со, цигахь долу лазар а кхетта, хIинца, хьуна ма-гарра, цIа вохьуш ву-кх.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «ЛитРес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.