Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал
къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш йайна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор йац цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-ГIала чим бина йагийнарш а нохчий ма бацара…
II
ЦхьайттолгIачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск гIала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал йаьхкинчу тIеман грузовикашчу дIа а тарбина тIеман декъе дIабигира.
ИбрахIим ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхйаьккхинчул тIаьхьа, цо сержантан даржехь тIеман декхара дIакхехьа дезаш дара.
Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Йа командирашца а йа тIеман накъосташца а йолу йукъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца йевллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.
Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.
Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу йукъаметтиг.
ТIеман уставаш дагахь шаръйар, даима хуьлу Iаморш, дегIан ницкъан кечамаш – атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а агIонехула цунна кийча волчу ИбрахIимана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу чIагIлуш дара. Шен сица а цIийца а ийна йолу йаьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а хIуьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а бIаьрг тIера ца боккху къоначу курсанташна, мел кIезиг долчу гIалатна а геч ца деш.
Йуьхьанцара ИбрахIим ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна дIатассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу хIуманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа ИбрахIим бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше гIо доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел чIогIа оьшу ИбрахIим кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.
Церан дов даларан бахьана дара Арсен цIе йолу азербайджана хьаштагIа цIанъйан дуьхьало йар. Арсенна хетарехь иза Самвел цIе йолчу эрмалочо леррина кхуьнга хIуьттаренна цIанъйойтуш йара, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьатаIо Iалашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна йуьхьтIе буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун гIо а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана йукъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш йукъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот йаьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга