Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар. Вахит Хаджимурадов
охьахецалуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веъна хилар.
Малижа 1аш йолу ц1а-м дикка гуш дара суна, со суо луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1ачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1ено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1авахан дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш иэхь х1ун ю а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх!», – ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь дехьа-сехьара ц1еношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца б1аьргтоьхна аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Сан вилспет х1инца-м догцадог1уш меллаша йоьдура.
Со ц1акхаьчча тхан нана Зийна яра соьга ца кхеташ хьоьжуш.
– Сайд1али, хьо стенгахула лелаш ву? – ша реза цахилар гойтура цо.
– Со-м сайн цхьана г1уллакхе ваханера, – бехказаваьлла сайн жимчу чоьнчу вахара со.
– Хьайн г1уллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц х1ума а ца юуш х1унда лела ткъа, – т1аьхьа йист хилира нана.
Со сахьтана т1ехьаьжича, суо а цецвелира. Суьйрана ялх сахьт а даьлла лаьттира.
– Схьавола х1инца мукъна а х1ума кхалла, – со волчу йист хилира нана.
– Х1инцца, – жоп луш со сайн маьнгина т1е аркъала тевжира.
Со-м вацара х1ума езаш а, к1адвелла х1оьттина хилар-м хаалора д1атевжича.
– Чохь вуй и? – 1арбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан юкъа ца юлуш.
– Вижина 1уьллуш-м вац х1ара х1инца а! – со волчу гучувелира 1арби дукха хан ялале.
– Дера ву селхана вижича санна 1уьллуш-м, – 1арбин букът1ехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.
– Хьо х1ун деш 1уьллу? Тхо хьоволчу даьхкича, даима вижина 1уьллуш ма ву хьо! – улло веира 1арби.
Аса куьг лаьцна ц1еххьана уозийна сайн маьнгана т1евожийра и.
– Турпалхан, х1ара вайшиннах тасавлан дагахь ву! – олуш тасавелира 1арби.
– Аса ши ког д1алоцу хьуна цуьнан, 1арби! – тхойшинна т1ехула т1екхийтира Турпалхан.
Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:
– Схьадуьйла чай мала! 1уьйрана дуьйна х1ума а ца юуш цхьанхьахула хоьхкуш лелаш ву х1ара к1ант а! – олуш.
– Муха хоьхкуш лелаш..? – ца кхийтира даима а духе валан сак1амлуш волу 1арби.
Сан керара волуш д1ахьаьдира иза Зийна йолчу уьйт1а. Со Турпалханца араваьлча 1арби шен талламбина ваьллера.
– Хьо стенга ваханера? – милцочо санна хаьттира цо соьга.
– Вилспет хохкуш вара со-м, – к1елхьара валан г1оьртира со.
– Дийнахь сарралца хохкуш хуьлу вилспет? – Зийне хьожуш хаьттира 1арбис.
Нана-м ч1ог1а реза яра 1арбис суна х1оттийнчу