Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
а йай, иза салташкара схьа а ваккхий, суна тIе схьавалаве». Иза ду-кх суна хуург а.
– Тоьуш ду. Ха деш салтий дукха хир буй-те?
– Хьуна маса хила лаара?
– Иттаннал алсам хилахь, ларор вуй-те вайша?
Аюб, боккха баьккхина цигаьркин кIур чу а тоьхна, велавелира.
– Итт салти бен уьш ца хилча-м, суна накъост а ца оьшура!
– ХIета ас, охьа а вижина, парггIат садаIа мегар ду. Салташца хьо цхьаъ ларориг хилча, со совнаха ма ву.
ХIара шиъ къамеле ваьлла Iаш, геннахь говрийн гIудалкх гучуйелира. Аюба турмал лецира бIаьргаш тIе.
– Вайшиммо ладоьгIурш гучубевли, – элира цо. – ГIудалкха тIехь пхи салти а, куьйгаш дихкина нохчо а ву.
– Турмал соьга лохьа! – куьг дIакховдийра Абубакара.
Турмал шега схьа а эцна, бIаьргаш тIе а лаьцна, лерина хьежа вуьйлира иза.
– ОхI! – мохь белира цуьнан.
– ХIун хилла?
– Тутмакх, гIудалкхана тIера чу а иккхина, ведда!
Аюба шега схьаийцира турмал.
Ши салти веддачунна тIаьххье бердах чутилира. Кхин а ши салти, гIудалкха тIера чу а воьссина, берда йисте дIахIоьттира, тоьпаш а йуьйлина. Цхьа масех минот йалале цара бердах хьалаваьккхира ведда нохчо. Цкъа-шозза тоьпан бух а тоьхна, айъина, гIудалкха чу тесира цара иза.
4
Муьшаца чIоггIа къевлина, хьовзош букъа тIехьа дихкина куьйгаш а, пхьаьрсаш а, белшаш а лозура Соипан, Веданна гена мел волу. Амма и лазарш дицдора дагна деттачу лазарша. Шена тIеxь лелийнчу харцонна, ша сийсазварна дуьхьало йан, оцу Делан мостагIех бекхам эца шегахь ницкъ бацаро сабIарздинера цуьнан, корта хьере бинера. Цхьана минотана а бIаьргаш хьалхара дIа ца долура тIаьххьара а цунна гинчу декъазчу ненан сурт. Хаддаза лерехь декара цо Iадийна хьоькхучу маьхьаран аз. Дагаоьхура xIокxуьнан дех Болатах а, цуьнан дех-ненах а лаьцана Iаьнан шийлачу, йехачу буьйсанашкахь нанас дийцинарш. Ден да а, ден нана а хIокху Делан мостагIаша махках даьккхина, кхелхина дахана, генарчу, хийрачу Хонкарахь дIакхелхина. Оццу Делан мостагIаша лаьцна, Сибрех вахийтина хIокхуьнан да а доьза вайна. ХIинца хIapa ша цунна тIаьххье дIавохуьйтур ву. Шен ойла-м ца йора Соипа. ЦIахь цхьа йуьсучу къеначу, декъазчу ненан ойла йо. Цуьнан дола дан xIокху шиннан а вежарий, шичой, маьхчой бац. Шелахь ден цIийнан нах бу. Уьш генахь бу. Геннара гергара а бу. Цхьа йисина цуьнан къена нана. Йаьссачу, къечу, мискачу хIycaмexь. Цунна рицкъа хьан латтор ду, цомгаш хилла, къанйелла кIелйисча, цуьнга мила хьожур ву?..
БIаьргаш хьабдича, уггар а карладуьйлура цунна и гIайгIане суьрташ. Къамкъарге шеддаш хIуьттура. Кийра, цIе хьийзаш, карзахбаьллера. КIез-кIезиг хуьлуш, вада сацам хилира цуьнан. ХIокху лаьмнашна, хьаннашна йукъара аренга валале. Сиржа-Эвлара дIа шера аре йу. Хьаннаш-м хьовха, атталла варшаш а йоцуш. Цигахь, ведча, къайлавала меттиг бац. Вада веза. ХIинца Соьлжа-ГIала дIавигча, тоьпаш тухур йу цунна йа ирхъуллур ву, лаххара а таIзар Сибрех вахийтар хир ду. Итт, ткъа шарна. Йа йерриг а оьмарна. Шен дена санна. Шен да санна, цигахь доьза вовр ву иза. Цигахь велча, гаурша дIавуллур ву, къена жIаьла санна. Дийна висина цIа верзахь а, хIокху Делан