Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Зеламхин дуьххьарлера кIант Мохьмад. Наггахь буьйсанна, адамаш набарна дIатийча, къайллах шен доьзал болчу воьдура Зеламха. Муслимат а, Энист а хьоьстура, боккхачу безамца, дегайовхонца жимачу Мохьмаде а хьоьжура. Бецина маслаIат дан а гIертара, хIинца Россехь берриг а оьрсий паччахьна дуьхьал гIевттина, цара иза дIавоккхур ву, паччахьан Iедал дохор ду, тIаккха ша маьршавер ву, вай машаре дехар ду бохуш. Бакъду, Зеламха ша а ца тешара ша дуьйцучух. Делахь а иштта хиларе сатуьйсура.
Зеламхас лоруш а, сий деш а масех стаг ву Нохчийчохь. Эвтарара эвлайаъ Баматгири-Хьаьжа а, Шелара Соип-Молла а, ГIойтIара Элдарханан Таьштамар а, Сиржа-Эвлара ШериповгIеран Жамаьлдин кIентий а. Кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетар а, царах дагавалар а хуьлу Зеламхин. Иттех де хьалха Соип-Молла волчохь хилира иза. ХIетахь Соип-Моллас дийцира цуьнга, Ведана гIопехь набахте чу воьллина Гати-Юьртара цхьа жима стаг ву аьлла. Цуьнан дай Шелара хилла. ХIинца а цуьнан геннара гергара нах бу кхузахь, оцу кIентан бала болуш а бу. КIентан ден да ДанчIа хилла, да Болат хилла, цуьнан шен цIе Соип йу. Болатан да-нана Хонкарахь дIакхелхина шовзткъа шо хьалха. Iаьлбаг-Хьаьжа имам волуш, цуьнан герггара гIоьнча хилла Болат, Сибрех вохуьйтуш, Соип ненан кийрахь хилла. Болат, хилларг ца хууш, Сибрехь вайна ткъе ворхI шо ду. Къона йолуш дуьйна и цхьа кIант а кхобуш, къанйелла цуьнан нана. Соип-Моллас дийцира, Соип стенна бехке вина, лаьцна.
– Кестта иза Соьлжа-ГIала дIавуьгу бохуш, хабар ду. Цига дIавигахь, суьдо вен кхел йийр йу цунна. Вуьйр ву. Йа шен оьмарна Сибрех каторге вохуьйтур ву. Лаххара таIзар – 20–25 шо хан тухур йу. ТIаккха, шен да санна, Сибрехь доьза вовр ву иза. Соип дIаваьлча, церан цIийнан кIур бов. Нагахь санна, шайна зен-зулам а ца хуьлуш, и кIант кIелхьарваккха аьтто хилахь, Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, новкъахь иза кIелхьарваккха хьовсийша.
Зеламхас дош делира Соип-Моллина оцу тIехь шен ницкъкхочург дан.
2
Оцу дийнахь Зеламхе гIайгIане ойланаш йойтуш, къамел хилира цуьнан Соип-Моллица. Зеламхас шегара бала балхийра цуьнга. Бехк-гуьнахь а доцуш, шайна тIедеана мостагIалла а, Iедало зударшца, берашца цхьаьна йуьртах арадаьхна, акхарой санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула лечкъаш, шаьш кхерсташ лелар а.
– Гой хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан кхел йу лелларг, олу вай, йа бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу бохамашна ахь ЭлсангIар бехке бо. Шайга хаьттича, ЭлсангIара шу бехке дийр ду. Ткъа бехке шу шинне агIорхьарнаш ду. Дала бусалба адамашна гайтинчу цIенчу, нийсачу шариIатан некъа тIера девлла лелла шу. IалайхIи салам, Мухьаммад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца Мухьаммад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агIор – диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а, эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гIо дийр ду, боху Дала. ШолгIа некъ гайтина Дала, оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза, адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан