Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал

Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал


Скачать книгу
цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, йуьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара БорщиговгIеран доьзал. Уьш йуьртаха баьхнера Харачойн Зеламхаца йамарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан тIаьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара йукъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.

      Нагахь санна антиколониальни тIемаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна йуьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, йа Iедална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.

      Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу гIуллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна дIадекха гIерташ хилла. ХIоранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан Iедалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь Iаш хилча аттох ду, цу Iедалан харцо хьайн гуш йалахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и Iедал ма-дарра аьлча.

      СаьIид чIирхочун кIант хиларал совнаха, иза эпсаран цIе лелош, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца тIелецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис хIу боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала дIасалохкур бу аьлла.

      СаьIида уьш кхетийра шина тайпанна йукъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла хIара мостагIалла тховса кхин цкъа а ца хьахо дIадоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, хIара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна тIехьажийна ду, тIекхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан цIий Iаночул совнаха доьналла оьший. СаьIида кIоргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца гIерташ, нохчийн Iадатийн кIорге йовзийта шен дерриге а, хьекъал а, кхетам а тIехьажийра цо. СаьIида билгалдаьккхира Iедалан таIзар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла йац аьлла, хIунда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу чIирхочо йуха а адамна тIекхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел йеза йу Iадатан мехала. Амма хIете а социалистически йукъараллехь Iадат хьалхататта а оьшуш дац. Цу тIехь церан къамел чекхделира.

      Баккхий нах дукха чIогIа реза хилира СаьIида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул тIаьхьа гулбеллачара кхи дIа шайн гIуллакх дIадехьира…

      Цкъа хьалха гулбеллачаьрга вистхилира къано – Абу-Хьаьж. Цо дехха дуьйцура чIир йитаран мехаллех а, нохчийн гIиллакхех а лаьцна.

      Къаночун къамелана новкъарло йарна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура бIаьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла хIоьттира гулбеллачарна йукъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана


Скачать книгу