.
йолчу хенахь ишколан администрацис дешартIехь кхиамаш баьхнарш совгIатна Соьлжа-ГIала буьгура. ИбрахIим а хуьлура даима царна йукъахь. Дешархойн чIогIа самукъадолура цу гIуллакхах. ГIалина гена Iаш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха гIишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех йуьзна некъаийстош а, тIай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан зIаьнарш тулгIешца лепош доьду Соьлжа а ган.
Мария Владимировна чоьнах мах луш Тагибат цIе йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь Iаш йара цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Тагибатаца Iаш цуьнан хIусамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара. КIант шолгIачу классехь вара, йоI ворхIалгIачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йоI. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел кIоргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, хIунда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн КарамазовгIеран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь дIалоцу меттиг.
Литературин турпалхойн дахарехь тIеIиттаела киртигаш шайга хьехархочо йуьйцуш цецдевлла ладугIучу берийн ойла цигахь йара… генарчу геналлехь. Царех хIораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша хIун дийра дара те. ХIоранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь йухура бераша деттачу маьхьаршна:
– Хьажахь, ма кIант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! ХIан-хIан и харц ву!
И гIовгIанаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совгIат хетара.
Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш йезайелира ИбрахIимана а литература. Дуккха а книгаш йешар бахьана долуш кIентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а Iамор ишколехь тIедожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи йукъара нохчийн мотт дIабаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн кIажера а йарташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни Iамораш дIахьора.
ИбрахIиман йерриге а ойла дIалецира литературас. УьссолгIачу классе волуш цуьнан шен библиотека йара кхо бIе сов книга а йолуш. ИбрахIиман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу ИбрахIим а эцна гIалитIа базара йахча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна ИбрахIима ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.
«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а… уьш хIинца а йу кхеран киншкийн тарха тIехь, ИбрахIиман нанас безамца дола а деш.
Ишколехь хьехархоша ИбрахIим