ЧIир. Роман. Хараев ИбрахIим
хIара книга йеша волалуш, собаре хила хьо. Сих ма ло мах хадо, леррина ойла йеш хила хIора а вастана тIехь. Заманан йохалла ша дерриге а хийцалуш хуьлу хьуна. ХIора стеган дахарехь хIун нисло ца хаьа АллахI Дела ша воцучунна.
Лаьара суна сайн дас дийцина чIирах лаьцна кхин цхьа масала дало. Дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – Боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа Боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.
Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира:
– Суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йуьрт йекош мохь туьйхира:
– Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!
Маржа-йаI, мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а. Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, Арсгиран хабар дохьуш:
– Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган – аьлла.
Оцу кепара Боки-дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш…
Уьшкхалахой кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йинера Арсгирис а, цуьнан вашас – ТIасас а.
Амма кху книгин турпалхойн амалан йоккха башхалла йу ас масалийна йалийначу кийсаган турпалхойн амалца. Генарчу махкара вешин дакъа дохьуш вогIуш верг шен чIирхо вуй хиъча, иза вуьйр ву ша олу романан турпалхочо.