ЧIир. Роман. Хараев ИбрахIим
сайн ницкъ кхочург дийр ду ас хьуна. Сан дахар лардина стаг ма ву хьо, цундела хьуна вошалла ца дича ца волу со! Цхьа а лачкъо а, вадо а дезаш хьал-м дац цигахь? – велавелира Яков…
II
Билгалйиначу хенахь охьалахделира Москва-Лос-Анджелес кема.
Тай-тайпаначу къаьмнех йуьзна йара, хIара йоккха гIала. Массанхьара схьахезара церан къамелийн гIовгIа. Дахар кхехкаш дара кхузахь. Эпсара Русланан паспорте а хьаьжна, хаьттира:
– Дуьххьара вогIуш вуй хьо, Iамаьрка?
– Ву!
– Белхан гIуллакх долуш йа, хьошалгIа веана хьо?
– ХьошалгIа веана кIант волчу. Кхузахь доьшуш ву иза – велакъежира Руслан.
– Дукха хан йуй хьуна кIант ганза?
– Йалхийтта шо ду!
– Мел хан йу хьан кIентан? – хаьттира эпсара, Русланан паспорта тIе штамп а тухуш.
– ВуьрхIитта шо ду!
Эпсар цецваьлла хьоьжура Руслане:
– Оццул хьайн кIант ца гуш хIун деш Iаш вара хьо? Са ца гатделлера хьан?
– ЧIогIа гатделла, сэр, амма сан дахаран хьелаш ишта нисделла. Со бехке вац хьуна.
– Дика ду тIаккха! Дала аьтто бойла хьан! Марша а вогIийла хьо, Iамаьрка.
– Баркалла хьуна!
Кхаа шарахь са ца доIуш болх бина волчу Руслана, хIинца кхойтта сахьт кеман тIехь даьккхинера, амма дегIаца гIелвалар ца хаьалора цунна, хIунда аьлча са паргIат дара. Йалхийтта шарахь ша сатийсинчу дийне кхаьчна волчу цунна тховса гуш кхин хIумма а дацара, гIенашкахь дуьхьал тийссина хилла шен кIентан гIаларт бен.
– Руслан, со кхузахь ву! – цуьнан ойланаш йукъахйехира дуьхьал вогIучу Яшас.
ДоттагIий доггах маракхийтира. Йалхийтта шо хьалха, ткъе итт де йийсаре а даьккхина араваьллачу хенахь санна, тахана а лаьттара и шиъ вовшах къаста ца луш. Якове хьоьжура Руслан. Хала дара теша, хIара гIеметтахIоьттина, маж йаьлла стаг, кхуьнца цхьаьна йийсарехь бала лайна волу пхийттара ваьлла жимха хиларах. ХIетахь, Руслан тIе ца кхаьчнехь кханенах дог диллина ваьллера иза, ткъа хIинца кхолламо йуха а заманан майданехь цхьаьнатоьхна ши накъост.
– Яша, маж ледар ма йац хьан! Жуьгтийн молла-м ца хилла хьоьх?
– Ца хилла. Со операторан болх беш ву, амма хIора шот дийнахь со синагоге а воьду, мокъа хан хилча Товрат а, Инжил а, КъорIан а доьшу. – Велакъежира иза. Хьо бахьана долуш вирзина хьуна со Деле. Ахь дика гIо дира суна даг чохь иман кхио. Сийлахь дезачу йозанаш йукъара хийла чулацаме дийцарш довзийтинера ахь суна. Цкъа а дицлур дац суна ахь Муса Пайхамарах лаьцна дийцина хилларг. Муса Пайхамар шен нахаца хIордан йистехь тIекхача орца доцуш виссича, цо шен нахе аьлла хилла:
– Деле деха! Дала къинхетам боцуш буьтур бац собаре хилларш! Тоьла чохь вайшиъ йийсаре волуш, ас а доьхура Деле. Со тешна вара цо гIо дийр ду аьлла. Цо вайн доIанаш жоп доцуш а ца дитира. ХIетахь цу халачу, цу чолхечу мIаьргонехь хьоьх суна а ма хиллера Муса Пайхамар.
СоцунгIа хилира. Ойланаша цу ирча деношка йухаверзийна ши накъост вист ца хуьлуш, дIатийра. Эххар а, тийналла йохош, вистхилира Яша.
– Руслан, дийцахь мичахь Iаш ву хьо?