Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал
хиира доттагIаллин мах а. Сацанза Iенара цIий, даима йуххехь хеталора Iожаллан и шийла садеIар. ТIамна хууш хиллера бакъ долчу дахаран чам ма-барра бовзийта. Хеталора дуьненахь гиначу жоьжахатан цIе цкъа а ца йан летта йу кху дакъаза бала хьаьхначу махкахь.
ИбрахIима сих-сиха кехаташ йаздора цIерчаьрга. Цаьргара жоп а догIура. Амма ИбрахIима Ольге дахьийтиначу цхьаьна а кехатана жоп хIинца а деъна дацара. И бахьнехь иза боккхачу сингаттамехь вара. Цул совнаха ИбрахIима тIеман декъера шен накъосташка йаздинчу кехаташна а ца догIура жоп, иштта Крутовс Галине йаздо кехаташ а дуьссура дуьхьал жоп доцуш. ИбрахIим кхеташ вацара хуьлучух.
Цуьнан сатеда гIерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йоI нохчочуьнца хила тарлучу йукъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» цIа дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул тIаьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.
РогIера латарехь жимма лазор бахьана долуш ИбрахIим йуха а совгIатца билгалваьккхира. Цунна йелира «Доьналлина» мидал. Лазаран цIийнахь цхьа бутт а баьккхина, ИбрахIим аравелира. Кестта чекхйелира тIеман декхара дIакхоьхьу хан а. ИбрахIим старшинан цIе а йелла, демобилизовать вира. Кабулан тIеман аэродромера иза кеманахь Москва дIавогIуш вара шеца цхьаьна эпсараш а, сержанташ а, саьлтий а, иштта лазийна берш а болуш.
ТIеман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, Iожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь Iаш болу нах а бара кхоьлина йаьххьашца, ойланийн йийсарехь Iаш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, Iийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан цIий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа хIинца цаьргахь йиссинарг оьгIазло бен йацара. Хала ма ду дуьнен чохь ваха дагчохь гIамаран буьртигал а дикалла а йоцуш. Ткъа цара шайн дахарехь мел хилла дика дайинера Афганистанан цу акхачу лаьмнашкахь. Царех хIораммо а ойла йора кеста гур болчу гергарчу нехан.
Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза хIаллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна йукъара цхьа верг-м, тIеман декхара бахьнехь йуха цига дIаваха а тарло… тарло гуттаренна цигахь висса а. Царех хIора а шен Даймахка йухавоьрзуш вара хара санна беса кийра а болуш. Ткъа дуьххьара тIом бан боьлхучу хенахь-м цаьрга аьллера Даймехкан декхаро уьш гIовттийна хилар, Даймахкана цкъа а шен турпалхой бицлур ца хилар. Ма дегнаш ира-кара хIиттина кхаьчнера уьш цига дIа. Ма кIезиг хетара Даймехкан дуьхьа дIалуш долу са а. Ма дозаллех буьзна бара уьш дуьххьара къиссаме гIовттуш. Амма хIинца кема шен болар сихдина мархашка айделча цхьаьнан а лаам ца хилира йуха хьаьжна, шаьш бохийна, баржийна охьакхоьссинчу махке тIаьххьара бIаьрг тоха…
Дай баьхна Латта
I
Москва – Соьлжа-ГIала цIерпошта схьакхачийра ИбрахIим Соьлжа-ГIалин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза дIа а аьлла машенчу хиира ИрахIим. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан