Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал

Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал


Скачать книгу
тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.

      Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа йуха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маьIна долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна хIинцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.

      Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза йеттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа йуха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.

      Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш йац, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш йац, нагахь санна цIеххьана кхуза хьаша ца веънехь.

      Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маьIна долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.

      ГIургIаз санна тIам ойбуш хьийза нохчийн йоI, ткъа цунна йуххехь ша аьрзу санна тIома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех бIаьрг буьзна Iаш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека.

      Маржа-йаI, нохчийн пондар! Маржа-йаI, нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал гIевттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-йурт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостагIчунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостагIашна гойтуш церан бIо мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал чIогIа дуйла…

      Чекхдевлира ИбрахIим цIаверзарна лерина даздарш. Йуха кIирнахь ИбрахIим хьошалгIа эха волавелира шена тIекхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг цIераваьлла дуккха а хан йаьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, йуьртхошна а тIехIотта.

      ИбрахIим хIинца гуттаренна а цIа вирзинера. Йаханчу заманехь йиссира эскарца а, тIамца йоьзна цуьнан дахаран агIонаш. ЦIа веана кхаа денна йукъахь ИбрахIим декхарийлахь вара кIоштан тIеман комиссариате а вахана тIеман учете хIотта а, иштта паспортни столехь регистраци йан а.

      ТIеман комиссара бехк баьккхира ИбрахIимана тIеман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. ЦIахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза


Скачать книгу