Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал
Ночх-ГIалгIайн Республика йозуш йоцу пачхьалкх аьлла дIакхайкхийнера. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикин Лаккхара Совет дIахецначул тIаьхьа, цхьаьна ханна совет кхоьллира, иза Москвас керла харжамаш хиллалц законни орган хилар къобалдира. ОКЧН-ан кхочушдаран комитетан цхьаьна ханна кхоьллинчу Совета а, ГIалгIайчоьнан массо а тIегIанан депутатийн советан а барт барца Нохч-ГIалгIайн Республика йийкъира – Нохчийн Республикина а, ГIалгIайн Республикина а.
1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чохь Нохчийн Республикехь президентан а, парламентан харжамаш хилира, цара кечдира керла пачхьалкх кхоллар. ГIалгIайн къома йукъарахалкъан референдум дIайахьарца йухнехьа РСФСР-ана йукъайахара. Федеральни центр йистхуьлуш йацара. Амма 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь РСФСР-ан Лаккхара Совета дIахьедар дира Нохчийн Республикера харжамаш ша тIелоцуш ца хилар!
II
Дукха ду лаьмнашкахь чолхе некъаш а, некъан кегий тачанаш а, дукха йу цу некъашкахь аккхаройн лараш. КIезиг лела цигахь адам, лелахь а дукха хьолахь иччархо. Амма ламарой дIасалела тачанаш а ду цигахь – цхьаьна йуьртара кхечу йуьрта, цхьаьна махкара кхин махка. Ламаро воьду некъан тача гучара дIадаьлча иза уггаре а хьалха йухахьажа веза, дIасахьажа веза йуххера хьолах кхетархьама ша кхи дIа мича ваха веза.
Диканан а, вуонан орам бу дешар. И дешар а, Iилма а кIоргера мел хуьлу, дикано чIогIаха тоссу шен орам. Дешна наха кхуллу шайн тобанаш, тобанех йукъаралла кхоллало, ткъа йукъаралла – иза халкъ ду. Халкъ хьекъале мел хилий а, цуьнан вуонна дуьхьало йан ницкъаш алсам хуьлу, цуьнгара дика а алсам долу. Нохчийн къомана дика а вуо а хийцалуш кхийдош хиллачу Россин пачхьалкхаллин ирхенера кховдинера цо сатийсина маршо. Шеко йац хIун жоп лур дара гIамаран арахь виссинчу некъахочо шега хи дезий хьуна аьлла хаьттича. Амма цу лаамо вахийнарг Iехо а ца хиллера-кх хала.
Интеллигенци кхетам болчу адамех лаьтта. Цунна даима дуьхьалтуьйссу йаханчу заманера бIарлагIаш. И хилларг, дIаэхнарг нийсса къаьсташ гуш дац, амма интеллигенцина дагадогIу и муха хIаллак деш дара, муха хIаллак хуьлура историйн дийна теш хилларш. Нохчий а, гIалгIай а махкаха баьхначу хенахь харцонан марсайуьйлучу цIергахь йогура нохчийн къоман истори – шира жайнаш, таьптарш, хиллачийн тоьшалла ден йозанаш. Иза инзаре хIума дара – къизаллин терзан тIе диллича къам махках даккхарал а дезох. Мажъелла кехатан йуьхгаш бен санна ца диссина мостагIаша дIасаэтIийна нохчийн историн жайна.
ХIора а теори ца хуьлу аксиома. Дерриге а дуьненна шайн къомах лаьцна долу бакъдерг довзийта гIерташ къахьоьгуш бу нохчийн къомах болу историкаш. Мехала ду хьайн къоман истори хууш хилар. Шен кхиаре боьдучу некъатIехь муьлха а халкъана оьшу и нийса некъ хьоьхуш верг, гойтуш верг, кхерам боцуш цивилизацин хорше хIотта хала ду. Кегийра къаьмнашна а, халкъашна а къаьсттина кхераме йу революциш а, политически мур хийцабалар а. Оцу хьелашкахь кегийра къаьмнашна къаьсттина чIогIа оьшу собар. Синтеме хиларо гIо дийр ду дуьнене болу